Алахьа дог саI. Ас мерза безам хаьржи сайна Сай безамна хьан ц1е а туьллуш И совг1ат Дала делла вайна Ирсечу дахаре некъ буьллуш Припев: Алахьа х1ай дог сан Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь Хьо х1унда ловза дуьйлу Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь ( 2 раза ) II. Ас хьайга мел сатуьйсу хиъча Хьо 1ен лур вацара ца вог1уш Со ирсе ян ахь хьайна лиъча Стиглане 1аьршашка а йохуш Припев: Алахьа х1ай дог сан Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь Хьо х1унда ловза дуьйлу Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь ( 2 раза ) III. Безаман гурано со лаьцна Цу балех яла г1ерташ къуьйсу Ахь тховса мерза дог сан эцна Хьо орцах валаре сатуьйсу Припев: Алахьа х1ай дог сан Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь Хьо х1унда ловза дуьйлу Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь ( 2 раза ) IV. Сан безам дагчохь карла буьйлу Хьо юххехь воцуш зама яьлча Сан дог а кийрахь ловза дуьйлу Безаман дош ахь соьга аьлча Припев: Алахьа х1ай дог сан Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь Хьо х1унда ловза дуьйлу Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь ( 2 раза )
Дагна везнарг1 куплет
Бетта серло, тийна буьйса сай цхьалица г1ийла къуьссуш,
Геннахь лепаш хьоьжу соьга, вай безаман сирла седа,
И бетта нур хьоьх тер дина, сай дега аз ас айдина,
Со кхи муха кхайкха еза, суна веза хьо.
Даггара сай бовха безам аса хьоьга кхийдош хилча,
Кхи х1у оьшу дагна везнарг, оцул суна везаш хилча,
Дош лур дуйК1антана йо1 йезало
Цуна амалш хаза лой
Хаз лой цуьна оьзда г1иллакхаш
Даг чохь ехаш хаза йо1
К1анта ч1ог1а ойла йо
Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа
Даг чохь ехаш хаза йо1
К1анта ч1ог1а ойла йо
Ехийла хьо дукхаЕхийла, ехийла диканца хьо дукха
Хуьлийла дахарехь даима хьан дог дика
Тахана сан доьхьа хьо хуьлийла самукъне
Ирс дохьуш, дог хьоьстуш дог1ийла хьоранне
Мехка сий айдинчу де а, нена а йо1 хьо ю
Къоначу вай б1аче хьомсара йиша ю
Халкъана хьаналла йо1 хилла еха хьо
Бераш а хьоьстуш хьай йовхо царна ло
Мел хаза йогу 1уьйренашI. Са дог а карзах долура
Ойланаш хьийза йовлура
______________________
______________________
И вог1уш - воьдуш сайна гахь
Ц1е йогуш гича б1аьргаш чохь
Мила ву хьан эр ду соьга
Мерза безамI. Дийнахь-буса хьан ц1е йохуш
Шена оьшу, безам бохуш хьо
Къайлах даккхий синош дохуш
Хьуна доьлху сан кийрара дог
Малх схьакхетча лаьтта сирла
Цуьнан йовхо к1еззиг хаало
Синтем байна, собарх тилла
Хиллачух ца кхеташ ойла йо
Нохчи ду тхоХьалхарчу Азера, Месопотамера,
Тигран, Евфратан шеларшна юккъера,
Цу шема-шумеран сийначу арара
Адаман бераш ду, нохчий ду тхо!
Элчанан умматах, Ибрах1иман миллатах,
Нохь-пайхамаран ц1ийнах, хурритийн орамах,
Евзачу арара, бакъ болчу элех,
Нохчалла ларйина, нохчий ду тхо!
Ха а сунаМа хаза йоьду зама хьо
Са дог а хьоьстуш жимало
И 1ехош х1ора хазчу хабаро
Ма хаза йоьду жималла
Са б1аьргаш доьлуш хазала
Са ойла хьоьстуш ц1енчу безамо
Хаъа суна, хаъа суна,
Хаъа суна, хаъа суна, вай хаза хан даим лаьттар яцМа хаза йоьду зама хьо
Са дог а хьоьстуш жимало
И 1ехош х1ора хазчу хабаро
Ма хаза йоьду жималла
Са б1аьргаш доьлуш хазала
Са ойла хьоьстуш ц1енчу безамо
Хаъа суна, хаъа суна,
Хьо неха вуI. Хьо декъал ван йиш яций сан,
Хьан дог эца йиш яций сан.
Хьо неха ву, со неха ю,
Вайшин юккъехь мел херо ю.
Хьо неха ву, со неха ю,
Вайшин юккъехь мел херо ю.
II. Хьо сан б1аьра ма хьежахьа,
Хьоме ваша, хьоме нусI. Бертахь, хаза даьхначу оьздачу ден ненан кертахь
Тахналера деза де, ша-тайпана ирсе хета
Ялош хьоме хаза нус, к1анта кхуллуш керла доьзал
Ирсе т1ехье кхоллалуш дехийла шу маьрша, г1оза
Припев:
Дала декъал дойла шу
Дала барт цхьаъ бойла шу