- Безаман г1йг1а
Ма бала лаьтта сан кийрахь
Аса хьаьнга буьйцур бу и
Ма серла юьйлу и алу
Аса стенца йойур ю и
♦Х1у ду те сан коьрто хьоьхург
♦Х1у ду те сан даго лоьхург
♦Стенна йо те безаман г1айг1а
♦Стенна хьийза хеназа ойла
- Ва да дай
Вада дай ла ла лай, иштачу ирсах хьегна дай.
Вада дай ла ла лай, ирс доцу безам байлахь бай.
Вогу кхане аса лар еш, воьду кхане ахь лар еш.
Са безамах хьай дог тешо, дош доккхуш хилийта деш.
Йина хир ю ойла хийла, яц хьоьл таьхьа йисна со.
Ду и синош хилар дийна вовше цара туьйсу го. (2р)
- Нохчи йо1 М95
Вай нохчий йо1 алийша цул хаза ху кхоьллина,
Ас тенца дуста цуьнан дикалла,
Дайтиша цунах дозалла.
Х1ай нена йо1 хьо яха г1оза массо а ханна
Хулийла ирсе даим дахар хьа
Хьай къома г1о ма гойла цкъа.
Дог хьоьсту ахь мел хаза лела хьо хьа куц хаза,
- Хьан амат
Хьо ца гуш хан йера ю аьлча даго и т1е ца дуьтуш,
Хьуна генахь хилар а суна ду ялар хьомениг,
Сан марзо, сан са хьомениг, ойлане лакхе хьо,
Дуьненчохь хьо цхьаъ оьшу суна, хьомениг.
Сан г1енийн б1аьрлахь хьан амат,
Сан г1енийн серло хьан амат ду, хьомениг,
Сан г1енийн марзо хьан амат ду,
- Хьоме везар
Ас хьуна беъна сайн ц1ена безам,
Дагах лаьтта алух цхьа суй беъна.
Со ирсе йиначух еъна цхьа ойла,
Хьо везаш волу сай деана дог.
Хьоме везар, хьо цхьаъ ву сан дуьнен хазна.
Деги безам, хьо цхьаъ ву со ирсе йинарг,
Яйъалур яц, хьо воцчуьнга сан кийрара ц1е.
- Хьомениг сан хьомениг
Сийналла аьхьна яржош, 1аламо б1аьсте т1е оьцу,
Безам бу ахь стенца къуьйсуш, хьо суна хазвина вуьйцуш,
Со магац хьо уллехь воцуш, хьо ца гуш минот ю еха,
Со янне а яц хьоьца йоцуш, хьан амат ларйеш со еха.
Хьомениг, сан хьомениг тешахь соьх, оьшу хьо,
Хьоьх йеш йолу ойланаш, хьоьга жима дог кхийдадо.
Хьомениг, сан хьомениг тешахь соьх, оьшу хьо,
- Ч1ег1ардиг
Ерриге б1аьсте шаьшшим еъна хеташ
Даггар дийца вовшех ца к1ордош
Ши ч1ег1ардиг 1ара хаза декаш
Кху 1уьйренах кхетар доккха деш
Тидам бина ч1ег1ардигашка хьаьжна
Царех доьлхуш цунна карийна
Х1унда ца тоьу те хьекъал адманна