Мухьаммад Закан-юртараЛа илахlа илллаллахlу
Дала мел кхоьллинчу халкъо, и Дела Элча харцвинчу дийнахь, Элчана дегlах хьерчина Абубакар-Сиддикъо ма хаза элира хьo, Ла илахlа илллаллахlу.
Дела Элчанна зен дан араваьллачу Хаттаба воI Iумаро, Дела Элчанна дегIах шен бIаьрг кхетча, шен буьйнахь долу тур лаьтта охьа дожийна, Элчанна дегIах хьарчина, Хаттаба воI Iумаро ма хаза элир хьо, Ла илахlа илллаллахlу.
И Дели дези маликаш шеха эхь хеташ волчу lаффана воl lусмано. Ва-а lусман, Ялсамани чиркхаш Дала хьа нуьраца къагор ду аьлла, Дела Элчано хьастина волчу, lафвана воl lусмано, Дела Элчи ше мара къуьйлуш ма хаза элир хьо, Ла илахlа илллаллахlу.